Частное профессиональное образовательное учреждение "Шалинский колледж"

"БЕКАЛАХЬ, НОХЧИЙН МОТТ!"

25.04.2025

Нохчийн Меттан Денна лерина "Бекалахь, Нохчийн мотт!" ц1е йолчу цхьаьнакхетарна.

 

2025-чу шеран оханан беттан 24-чу дийнахь ЧПОУ "Гуманитарный колледж "Эдельвейс" ц1е йолчу дешаран хьукматехь д1адаьхьира Вайн Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана 2007-шеран 2007-чу Указца Кхайкхина долу "Нохчийн Меттан Де" даздарна лерина долу "Бекалахь, Нохчийн мотт!" ц1е йолу цхьаьнакхетар.

Цхьаьнакхетар д1адахьаран 1алашо: Ненан Маттаца йолу шовкъ к1аргъйар, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъйар, цуьнан йистйоцу хазалла, бух боцу маь1на дешархошна довзийтар.

Цхьаьнакхетарехь жигара дакъалецира колледжан дешархоша. Цара йийшира гоьбевллачу нохчийн поэтий Нохчийн Маттах лаьцна стихаш, лийкхира эшарш, х1иттийра сценкаш.